Муниципальное учреждение "Отдел дошкольного образования Грозненского муниципального района Чеченской Республики"

Официальный сайт

Августовская конференция

24.08.2023

Салам-маршалла ду шуьга лераме доттаг1ий!Вайна массарна хууш ма-хиллара, карара 2023-г1а шо, – Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указца д1акхайкхина ду вайн Мехк-дас, Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажин Рамзана. Цуьнан лаамна т1е а тевжина, тахана Соьлжа-Г1алин муниципальни к1оштахь д1айаьхьира «Берийн бошмашкахь нохчийн мотт кхиор а, г1арабаккхар а» темина лерина Соьлжа-Г1алин муниципальни кlоштан школал хьалхарчу дешаран системин белхахойн педагогикин хьаьттан баттахьлера конференци.Конференцин коьрта 1алашо йара: Соьлжа-Г1алин муниципальни к1оштарчу школел хьалхарчу дешаран хьукматашкахь Нохчийн меттан шо д1адахьарехьахула бинчу белхийн жам1аш а деш, т1ейог1учу ханна а оцу хьокъехь дан леринчу г1уллакхийн лехамаш билгалбахар.Цхьанакхетарехь дакъа лоцуш бара леккхара хьеший:Россин Федерацин дешаран «Сийлахь белхало», Россин Федерацин журналистийн а, йаздархойн Союзан а декъашхо, телевизионни «Хаарийн б1ов» программа д1ахьош волу Даудов Хаважин Гилани;Дуьххьаралерчу Президентан, Россин турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин ц1арах йолчу «Путь» (Некъ) ц1е йолчу телерадиокомпанин белхало Арипханов Ильясан Адам.Нохчийн Республикан Правительствон школел хьалхарчу дешаран Комитетан «Дешаран а, кхетош-кхиоран а отделан» консультант Юсупов Зеламхан Медни, иштта кхин берш а.Конференци массита декъах х1оттайелла йара, х1ора а дакъа шен чохь доккха масалла долуш дара. Берийн бошмийн тоьлла белхалой билгалбехира Сийлахь кехаташца.Конференци йерзош резолюци т1еийцира: «Дала мукъ лахь, кхин д1а а, ницкъ кхочучу барамехь, берийн бошмашкахь ненан мотт кхиорехьа, г1арабаккхарехь болу болх кхин а жигара боккхуш д1ахьур бу».